41. Ч1ара

Малхо хьесий 1амчу хецна,
Тулг1е лоьцуш, дуьлу уьш.
Тахналера де къагадан
Серлонча го къахьоьгуш.

Хин т1ехуле гуш къегина,
- И х1ун горга серло ю? -
Хаа лиъна жима ч1ара
Цу серлонга кхийдаш бу.

Кхоьруш 1амчу малх божарна
Хин к1оргене хьаьди и.
Ч1ерийн маттахь гинарг шена,
Дийца г1ерташ, хьийза и.

Азман Джабраилова


Рецензии