Размышление Ойланаш
Сан ойла дахаран коллашка йирзи,
Гиначун,лелинчун ас хьесап дича,
Ойланаш гул елла,вовшах а хьирчи.
Ма маса йоьду хьо,х1ай,сиха зама,
Сахьташкахь ягар еш,идийна хан а,
Вай лоьллуш лелийнарг хиллий-те зама?
Сихалло довдийна,ца кхуьуш даха.
Некъ бина,г1аьл елла,со охьа хиъча,
Ас тахна ойла йо:"Юй-те со кийча,
Д1аяхна жима хан юх йог1ург хилча,
Дахарехь зеделларг масалца дийца.
Хаза хан ца идош,пайда а эца,
Дерриг и денош а заманах хийца,
Хастам баьш х1ора а хаз дог1учу денна,
Ца йойъуш елла хан, ойла еш эрна".
Ма хаза хилла хьо,х1ай,маьлхан дуьне,
Ойлано ца йити хьажа хьан суьрте.
Уггаре коьртаниг х1ар дахар хеташ,
Дуьненан хазаллех 1абаъ ца 1ебаш.
Б1аьрг тоьхна,д1ас хьаьжча,гора нур лепаш,
Вай Дала кхоьллина хазалла бац бегаш,
Амма х1ар ойланаш дуьненах хьерчаш,
Хазаллех к1урд банза,д1а яхи хенаш.
Свидетельство о публикации №119122003747