Къам ц1ехьа дирзича

Къам ц1адирзи Сибрехара
Дай баьхначу ярташка.
Хийра нах шайн керташкара
Дийзи баха халла д1а.

Буцуш б1аьллинг-б1аран сара,
Поппар хьокхуш т1оьхула,
Г1ийла таро йолучара
Пенаш дора г1ишлошна.

Дечках йина кепаш кечйеш,
Йеш буьйда кибарчигаш,
Дерриг къоман лаьтти белхеш,
Тхов к1ел бирзи хийланнаш.

Ц1енкъа тоха у ца хилча
Коча боршам хьокхура.
Милла-ъ таро йоцуш хилча
Даггара г1о лоцура.

Нисбеш хьокха, х1ора сара
Керт йеш, говза юьйцина.
Лардеш низам хьалхалера,
Вайн дендайша лелийна.

Серех дуцуш з1ара дора,
Кевнна д1а х1отторхьама.
Цу уьйт1енийн амат дагчохь
Лаьтта, мел хан идарх д1а.

Кертахь бийна нохчийн кхораш,
1ежийн, боллан дитташ а...
Дагалецамаша дарйеш
Ойла, гойту бералла.

1едало йеш хилла шога
"Терго" хала-м хилла лан.
Х1етте нохчий бертахь бара,
К1еда-мерза вовшашца.

Баьхна, доцуш шун-тхан, хьан-сан.
Цхьа мерза хан яра и.
"Марш баьтт1а" ду  вайн хьал-бахам.
Ткъа вайн дегнаш ду-те кхин?

Нохчий! Малххий, буттий санна
Бертахь даха деза вай.
Барт боллучохь хуьлу ирс а,
Ирсан дай хуьлийла вайх!

Азман Джабраилова


Рецензии