Х1орд
сийналла яржий,
Ткъа хичохь куц хаза бес-бесар
т1едарчий къагий.
Сих хьерчаш, мукъаме шар-шар деш
сан лерса хьоьсту.
Цкъачунна къарйина шен амал
сийна х1орд 1уьллу.
Стоммалла йоккха ю хинан,
ца лацалуш б1аьрге.
Саьхьарниг ца 1аббал хьежало
шерачу х1орде.
Дийцина ца валлал инзаре
ницкъ болу къайле,
Цкъа а са ца до1у тем боцу
нуьцкъала к1орге.
Вовшахъэн сихбелла ши х1орд го
д1о анайистехь.
Хетало, стигланаш яьржина
хинан шераллехь
Йа х1ордан шорте ю сийналло
лекхалле яьхьна…
Техка шен аганахь сатийна,
йа карзахбаьлла.
Азман Джабраилова
2016 шо
Свидетельство о публикации №119052908052