Лиза декъалъеш
Совг1аташ дахьаш шун ц1а чу деъна.
Хазалла, хьекъал, оьздалла, г1иллакх
Кхоьллинчо тоъалл хьуна схьаделла.
Хьо кхиъна яьлча к1ентан дог йийсаре
Лаьцна ахь къевли са ма-дду буйна...
Доьзал шун кхии, бераш ду берийн а.
Шу царна, уьш шуна бу чу са диллина.
Хьо г1оза ехийла, хуьлуш самаьрша,
Кхин д1а а латтош хьуо йолчехь тхан дец1а.
Тхан Вешин г1ортор хьо, тхуна нус-йиша,
Дала хьан сий дойла, ахь тхан ма дарра!
Азман Джабраилова
Свидетельство о публикации №119051306720