Лаьа

Лаьа маьрша хьаннийн гУрахь
Тоъал акхарой диебийла.
К1ант дуьненчу волучу буса
Ломахь хезаш борз уг1ийла.

Марзо оьцуш кху дуьненан
Х1ора хазчу меттигах
Массо ма11е кхача лаьа,
Ткъа садо1а- сайн махкахь.

Хин кеманахь, я ц1ерпоштахь,
Я х1аваан кеманахь,
Лаьа йоккхаерца хьиежа
Х1ун хьал ду кхин къаьмнашкахь.

Адамашлахь кхайкхам баржо
Т1ом д1атоттуш, маьрша даха.
Хьоьстуш, делош бераш кхио,
1илма 1амо, латта аха.

Азман Джабраилова


Рецензии