Вайнехе..! На чеченском..!

Лазаман-назма!
1944 шеран,23 февраль-денна лерина!

Г1ийла,берзан-к1езах терра уг1у чилла,
Буьйса-де ца лоьруш, йа цахуьлуш-харц!
Луьра,аьшне кхерам туьссу-хьоькхуш шийла,
Левсе санна,йисто йоцу механ дарц!

Дуьне 1адош,цакхоош къизалла,х1илла!
Орам хедош,цакхуьуьйтуш к1ентан-к1ант!
Къацахеташ,Делан мостаг1 г1ерта хийла,
Х1аллакдан вайнехан къам-гуш мерза г1ан!

Къематденна доьхьалъяла,йоцуш-к1илла,
Аьнгли арахь ирах1иттош  дера,кхесс!
Хир ю боху къуона борз канн-ц1уока тилла,
Къераллица,къурд ца беш-т1едеттарх ткъесс*!

Вай д1адуохор,Сибарех-тидаме дилла:
1ожаллийна,къиза хьекхна г1ура-дарц!
Валцавезарг валарш-вайга деъна хилла,
Диц ма делаш,доьхна де*!Ас диц дийр дац!

Доьналлех ца духуш,д1а ца тоссуш г1иллакх,
Сийлахь хилла,"Нохч-Г1алг1айн"-вайнехан къам!
Доггах олу хьуна,сайн д1адерзош илли*:
Хила хьоьга,Аллахь-Делера,салам*!
___________
*-Маьхьшерий аре,майда/динца доьзна


Рецензии