Берашца болх бечарна
Доьзалехь хьо кхиъна йу.
Дикчу вешин йиша йу,
Дог дикаллех дуьзна ду.
Мара къовлуш, хьаьстина,
Синан кхача кховдийна.
Берийн синтем ахь ларбо,
Массо берийн дола до.
Зевне дека берийн аз,
Дегнаш т1ома ийъало.
1амош хила бертахь тхо,
Даим ахь тхан дола до.
Дег1ан г1ора эшийна
Г1ийла болчийн дегнашна
Нанас санна дог эцна,
Хийла совг1ат ахь дина.
Дог ц1ена комаьршалла
Хьуна Кхоьллинчо йелла.
Ца кхоош хьайн могшалла
Берийн уьйраш ч1аг1йина.
Массо ненан дика йо;
Ийман долуш кхуьийла.
Йуьхьк1ай х1оттош Кхоьллинчо,
Дахар ирсе дойла хьан.
Азман Джабраилова.
Свидетельство о публикации №119020510484
Раиса Ворфоломеева 06.02.2019 08:26 Заявить о нарушении