Дуьненна евза ц1е
Нохчийн къомо дозалла хьох дора,
Хьо санверг кхин цкъа а хир вуй-те?
Атаг1хойн сий хилла хьо ца 1ара,
Дуьненна а евзара хьан ц1е.
Аьрзун т1емех терра куьйгаш ойъуш,
Сцени т1ехь ког шаршош гича хьо,
Дозаллица дог хуьлура догуш:
Сан юьртахо вара, Махьмуд, хьо!
Азаллера совг1ат дина, елла
Еза корматалла яра хьан.
Д1агойтуш хьайн говзалла дуьненна,
Халкъашлахь довзийтира хьайн къам.
Чаккхе хир ю...
Свидетельство о публикации №119010810825