Лардан дезарг
Хьайна дан ца хуург хаттаза ма де.
Мах хадо хаахь мехалниг ларде.
Тароне хьажжий лаамийн чот йе.
Хьуо тилла лелахь доь дарах ларло.
Дегбааме кеп лелорах ларло.
Хьайна вас йинарг эккхо ма сихло.
Вас цхьанна йарах ма хуллу ларло.
Юхалург эцнарг шен хеннахь д1ало.
Ца ларден долу дош цхьанне ма ло.
Цхьанна дош деллехь, мел хиларх хало,
И кхочушдарехь ма йойла мало.
Тешаме хилар сийлахь ду хьуна.
Декхар ду ларйан ян дезна ч1аг1о.
Таххнехь йан еза кханенан ойла!
Йуьхь1аьржа х1иттарх Дала лардойла!
Азман Джабраилова
Свидетельство о публикации №118122809505