Хьан б1аьргаш- седарчий
Сийсара лаьтта,
Ахь къола дина-те
Нуьре урд аьхна?
Муьлханиг бу стиглахь
Хьан б1аьргех тера
Хьо лаьтта йоссийна
Нур дашо седа?
Со-м тийши-безаман
Чам башха хилла.
Хьан б1аьргийн сийналло
Дог карзахдина.
Хьан б1аьргийн хазалло
Шаьш дагадохий,
Дог тедан кхетамо
Синтем ца кховдий...
Со декъалве тахна,
Къобалдеш йовзар,
Синцхьалла эшийна
Хазъеш сан оьмар!
Азман Джабраилова
Свидетельство о публикации №118122000299
и стих тоже хорошей. Капитан.
Владимир Сологубов 28.12.2018 23:45 Заявить о нарушении