Ткъолг1ачу б1ешарахь
......
***
Буолатан уьрсаца дагт1е яздича санна
Х1ора а нохчочун иэсехь деха и терахь.
*******
Ткъолг1ачу б1ешеран шовзткъе доьалг1а шо…
Ма шийла хиллера цу шарахь и чиллан бутт.
Муо берза ца туьгуш х1инца а 1ийдало
Ц1ийх ийна цу дагалецамийн и къаьхьа мутт…
Къонахийн ка эшош, т1едерзош герзаш,
Доьзалех дай къестош, кхолха гуо лаьцна.
Жа санна и къаной, зударий, бераш
Чехадеш лаьхкина, кхерчара баьхна.
Цхьа луьра дохийра къам ц1арах-ц1ийнах.
Катоьхна ларча схьаэца ца дуьтуш,
Ц1ехьа некъ бихкина къам дисча панахь,
Нехан нах лелара ков-керташ хьоьшуш,
Дерриг къам емалдеш, харц ц1е а кхайкхош,
Бакъонаш эшийна, харцонаш толош,
Мохь-орца кхайкхорах дала г1о доцуш,
Декъаза некъ байта махкара баьхнарш.
1уьйренца г1аьттича хийра мохк хьоьшуш,
Анайист ц1ийлучохь ломан бохь лоьхуш.
Г1енах бен шовданах къурд бан йиш йоцуш,
Хийла да эхарта вирзи дог къуьйлуш.
Некъ ма-ббу лайн-кошахь чурт доцуш байнарш,
Маьхьарца г1о доьхуш Хьайбахехь баьгнарш,
Лен талу 1аьвшина т1емашкахь эгнарш,-
Чот йоцуш дукха ду Даймехкан цинцаш.
Ца лекъна шовданаш, къам махках даккхарх.
Г1ийлачу узамца шайн дай ц1а бехна.
Лаьмнаш а г1иртина шайн узарш лаг1дан.
Б1аьвнаша мох-дорцехь шайн цхьалла лайна.
Хийлаза гиначу 1ожаллех доьлла,
Нохчийн къам ц1адирзи, доьналлехь тоьлла.
Инзаре боккхачех т1е1аткъам лайна,
Вайн къомах Кхоьллинчо къинхетам бойла.
Азман Джабраилова
Свидетельство о публикации №118111207159