Безам
Хилийта доьг1ни-те, хьомениг, кхолламо.
Со еза бохуш ахь соь дукха дийцина,
Хьоьха суо тешарна дош аса хьуна ло.
Вог1ийла марша хьо, ойланех воьзнариг,
Даггара декъалдо хьан некъаш, везнариг.
Тешалахь, хьох яла йиш яц сан, хьомениг.
Ларбелахь вайн безам, сан даго лехнариг!
Кийрарчу безамо синтемах яьккхина.
Еха со дуьнент1ехь безаман лай хилла.
Хаалахь, хьо воцург ца оьшу сан дагна.
Ирсечу кхолламехь хилийта вай цхьана.
Даима хьо волчу д1аг1ерта ойланаш.
Хьо гуча валарца сох херло г1айг1анаш.
Ц1еначу лаамца хьоь безам кховдийна.
Хастам бо Далла ас хьо сайна вовзарна.
Азман Джабраилова
-----
Музыка Казбека Шарипова
Исполняет Яхьяева Амина, солистка ансамбля "Нур Жовхар"
Свидетельство о публикации №118102310365