Куралла
Иблисан совг1ат.
Ахьа-м хьайн Дела а вицвина
Декъазчу новкъахь.
Ма йезаш лелайо ахьа и
Кураллин кетар.
Харц новкъа баьккхи ахь, декъазниг,
Хьайн сирла кхетам.
Магийна йоцучу амалах
Хьайн дог дузийна.
Лай хилла, вели хьайн куьцах
Аркъала сетта.
Сий дожий, ца вог1уш кхин берта,
Дайн ц1е лазийнарг.
Цхьаъ долчу эхарте х1ун эцна
Ваха хьо г1ерта?
Азман Джабраилова.
Свидетельство о публикации №118081705195