Темерханову Юсупу

Къонахий вайн заманахь бац бохуш дуьйцура
Уьш бисний хоуьйтуш, махкана вовзуьйтуш
Бакъо ларъеш, нохчийн йоь1ан сий лардеш
Маршонах вели хьо, хьай Юсуп-Хьаьжа!

Юсуп, хьо шеконехь цкъа ма хилалахь
Ахь дина долу йоь1ан сий, цкъа а дицдийр дац
Хьан ц1е тхан дагчуьра, цкъа а ера  яц
Вайн къоман 1адатехь, хьо даима вехар ву!

Набахтехь ахь лайна керстанан къизалла
Везачу Дала д1айоькхур ю хьуна
Хьан ц1ена, бусулба кийрара дог
Везачу Дала нуьрал хаздойла!

Хьо санна хир вацахь, яхь йолу къонах
Цкъа а ма войла цхьана дена к1ант
Ахь динчун сий-пусар, дир долуш яцахь
Дуьненчу ма йолийла, и тайпа йо1.

Везачу Дала, хьуна геч а дойла!
Хьайна валарх, хьо воккха войла!
Ялсманан наь1арш, хьуна д1айоьллийла!
Дала хьан г1азот къобал дойла!


Рецензии
Амин, подписываюсь под каждым словом. Очень душевное стихотворение, особенно эта часть: «Хьо санна хир вацахь, яхь йолу къонах
Цкъа а ма войла цхьана дена к1ант
Ахь динчун сий-пусар, дир долуш яцахь
Дуьненчу ма йолийла, и тайпа йо1.»

Это самое лучшее пожелание своему народу. Дала вуочо х1уманах ларадойла вай!

Аниса Ибер   08.11.2024 19:41     Заявить о нарушении