Х1ара х1умма яц
Дуьне - бералла 1еххол бен х1умма яц.
Цхьа инзаре хеттарш воьлча хьо лара,
Хьайха хьой велавеш, кхардаво цара.
Йист яц моьттина дуьне - г1улч яккхал дац.
Мазал марзделла дахар - туьха бен дац.
Сагатлуш, синтембан ваьлча хьо ара,
Синтемлуш, воккхаве х1умма дац лара.
Зама чу-ара садаккхал еха яц.
Вала дагахь ца хиллехь, со вуьсур вац.
Мел ч1ог1а г1ертарх со висина ваха,
Дуьсур ду сан ардаш аьхна я аха.
Кешнийн и некъаш бай бала туьгуш дац,
Дуьненца уьйраш, г1елъелла, юьсуш яц.
Кхиац вай ма хетта дуьнен чохь даха,
Лаамаш, хьежамаш дахарна аха.
17:50. 17.07.2018 шо
Свидетельство о публикации №118072005676
Дика йина ойланаш ю хьан!
Дала т1аьхье беркате йойла!
Аза Атагинская 22.07.2018 17:46 Заявить о нарушении