Маме нанна
Нанас кхиъво доьзалхо,
И дуьненчу волучханна,
Шен сих дог а дуьллу цо.
Ма хьоме ду-кх вай цу нанна,
Йо1 я к1ант ца къастадеш,
Дагах яьккхан кийсак санна,
Къуьйлу мара, кхиадеш.
Шелдаларна кхоьруш денна,
Х1усмехь богу г1ийла кхерч.
Куьркахь кхерста ало тийна,
Нанас довха бепиг деш!
Мел йовха ю, шайна хиъча,
Цуьна марзо, ду х1ар г1ан.
Ма к1езга юкх, ойла йича,
Нана, хьоьца йоккху хан.
Яйча куьркахь йовха ало,
Дагах хилча шийла т1улг,
Вай самдовли,д1а-схьа хьовсу,
Охьадуьлли дерриг г1улкх.
Байтмал хилла, доьхна хьийза,
Маьлхан денош уьду д1а,
Дуьне валлалц идо деза,
Ша, дилхина, саццалц дог.
Чолхе дахар, доцуш амал,
Массо хьаьдда-ведда ву.
Амма нана яьхна зама
Дуьнен мехха еза ю!
02.12.16год
Свидетельство о публикации №118042610771