Даймехкан марзонаш
Х1усам яц атта хийцамех вола.
Цуьнан ойла туьду ас сайх лара,
деган 1ийжамех д1ах1иттош г1ала.
Даймахкана дезий вийла гена,
хуьлу диснарг а да-нана къена.
Церан кошан баьрзнаш а доцург шена,
маша хаьдда, уьйрех вуьйлу гена.
Уьйраш ю уьш хьан жималлин некъан,
х1инца а хьоьца, хьан дагчохь хьекъа,
заманца ца тоьгу йолу лекъа,
юьсур йолу ахь хьайн дагца екъа.
Ю уьш хенан йохаллин марзонаш:
бевзарш, безарш, иштта гергарлонаш,
кхин т1е хьан юрт, лиэлла некъаш хийла,
атта доцу дагчохь лиэло г1ийла.
Ерриге цу чохь хилча хьан лараш,
хала хир-кх дицдан даймехкан некъаш.
Цуьнан ойла туьду ас сайх лара,
деган 1ийжамех д1ах1иттош г1ала.
Махкал арахьа мел болчаьрна
Свидетельство о публикации №118031904471