Воспоминание-Дагалецам! На чеченском!

Буьйсана,седарчий уьдучу хенахь,
Тийналлехь-жималлийн г1аларташ гой,
Безачийн сурраш а хаалуш г1енахь,
Вехха 1а,безамца уьш хьоьстуш со!

Хетало:д1аяхна заманаш-генахь,
Юх-юха дусту ас г1алаташ сайн!
Амалаш,аматаш хийцало денна,
Набаро бен тилла-ц бералле т1ай!

Некхаха тесначу беро шен нене,
Делхаран къурдашца кхийда до куьг!
Катуххий схьалоций йовлакхан т1емах,
Кегийчу куьйгашца,каде йой-ч1уг,

Б1аьргаха хьоькху цуо йоьхь-чада хьулъеш,
Нанна а,шена а,йовлакхан т1ам!
Эххара лакъайо б1аьрхинан тулг1еш,
Хьожу и хиллий-те синан-хьаам!?

Эсала йерзайеш шен ненан бесне,
Горгабеш х1оттабо б1аьрга т1е б1аьрг!
Амма,хьо ца кхетахь олучу дешнех,
Кхета хьо:-"Мила ву те,вас йинарг!?

Ойлане яхана хир хьо,тешна
Набаро г1елъйина,халонаш ловш?!
Хьоьгахь,х1ун бала бу?Дела д1атесна,
Дадас йи-те хьуна,1овжаме чов"!?

-Йелалой,схьайоьрзий,эсала къежий
Олу цуо,куьг хьокхуш хьяьжа т1е-дай!
Доггаха беснешца-беснеш т1е-тежий:
-"Хьоменарг,чан-махалг хиллера,х1ай!

Я рабби..,кхоьллина Аллахь,сан Дела!
Х1умма а деха-ц ас,сайн доьхьа кхи!
Доьху ас,доггаха хьаже сан бере,
Лакъа-де б1аьргеха схьадуьйлу хи"!*


Рецензии