Ц1е
Сихло, катуххий и йайъа...
Ткъа цхьаверг, цунах кхаъ хуьлуш,
Г1оьрту и ц1е марса яккха.
Жимма шен кийрахь яхь йолчо
Леррина деган суй ларбо.
Ца кхоош шен деган йовхо,
Кхечуьнан доьхна дог дохдо.
Азман Джабраилова
Свидетельство о публикации №118020704612