Хьан г1айг1а

Ма г1айг1а ю хьа цу коьртехь,
Б1аьргаш чур яйна серло.
Лар йуьту баланаш йоьхь т1ехь,
Сагадто хийла даго.

Накьосталла да йиш йоцуш,
Хьан хьоле д1ах1утту со.
Йиш яц са хьо уллехь воцуш,
До1анца дийр ду ас г1о.

Делахь а, ахь самагатде
Дала Шен лай витна вац.
Кийрара кьона дог ларде,
Гуттарен дуьненчохь цхьа х1умма дац.


Рецензии
Малика,
Кху т1ехь жимма болх бан беза.
Д1анисйича, дика байт хир ю кхунах!
Дала аьтту бойла хьан!

Аза Атагинская   19.06.2022 20:05     Заявить о нарушении