Ма елха Декъаста
Хьан деган туьхира мостаг1чо урс,
Турпала вай халкъ машарех даьккхира,
Синтемах дехира адамаш буьрс.
Маьрша де дезарах хьу бехк бу, нохчий?
Хьу бехк бу, яхь йолуш хиларна вай,
Мехкош ду даггара, яхь йолчу к1ентий,
Доьналлех дуьззина бехк боцу ц1ий.
Юьхина г1аланаш, дай баьхна ерташ,
Машар а бицбина Даймахко вай,
Мостаг1чун амарш вай чакх ца дехира,
Нохчочох хир ма вац дуьненахь лай.
Сан сийлахь Нохчийчоь, къара хьо ма лолахь,
Яхийла халкъ бахьнаьхь дехар ду хьоьг,
Тхан дегнаш айлурду, Декъаста, тешалахь,
Ирсана куьгаш ахь кховдадахь тхоьг.
Харцоно мохь техча дуьхьала ялалахь,
Дай кхерч ца боуьйтуш айлолахь хьо,
Беркате кханене сатуьйсуш бекалахь,
Турпала адамий вай нохчийн мотт.
Ахмад Шадиев (11.12.2015)
Свидетельство о публикации №117122108257