Дуьйла Вайнехан Махкахь
Доьвза оьзда вайнех къам,
Малхо къагош, тхан Даймахкахь,
Лаьтташ ма бу лекха лам.
Дуьйла, йоьвза тхан г1аланаш,
Соьлжа, Магас, Элдарха,
Вайнехан йолу шахьараш,
Гуьмсе, Наьсар, Устрада.
Шира ерташ, оьзда керташ,
Нохч - Г1алг1айчоь 1абийна,
Д1а-схьа яржийн хаза к1ошташ,
Сан Декъаста тайина.
Дуйла шу тхан хьоме латтахь,
Чомехь ду тхан шовданаш,
Лайнаш ца хилла тхан халкъаьхь,
Турпал хилла адамаш.
Кхузахь даим дегнаш дека,
Нана - Мохк тхан ирс хьо ду,
Доьзалашна марзо екъа,
Тхо хьаста хьо Нана ю.
Езаш ю хьо са далалла,
Дуьйла, хьовс тхан дахаре,
Вайнех Мохк - хьан хазалла,
Дуьнена ю Ялсмане.
Ахмад Шадиев (30.07.2015)
Свидетельство о публикации №117121810977