Мажделла гIаш

Мажделла г1аш ду буг1ахь легош,
Церца  дог ду г1айг1ане 1ийжош,
Ирс га сатуьйсуш куьйгаш кхийдош,
Веха со ризкъано гойтушдерг мийлош.

Мархаша къоьвлин стиглане хьоьжуш,
Ихин заманаш дага а луьйцуш,
Дег чура ойланаш хьаваъе юьйцуш,
Веха со г1айг1ане къара ца войтуш.

Буьйсана ладоьг1у берзлой 1увг1уш,
Кханена ойла йо баттага хьоьжуш,
Веха со 1амина даг чохь дерг къуьйлуш,
Седарчашк къуьйлушдерг д1а ца хоуьйтуш.

Ахмад Шадиев (13.07.2015)


Рецензии