Г1арг1улеш

Со йина де ду бохуш со декьал йо.
Стиглахь г1арг1улеш д1айоьлхуш го.
Гуьйренна хазачу эшаршца кхойкхуш
Йоьлху уьш шай безам иллица гойтуш.

Х1ай! сиха г1арг1улеш ас доьху шуьга,
Сан везнарг вайчи алийша цуьнга,
И деза совг1аташ ца оьшу цхьа.
Совг1ат ду суна, ве1ча и ц1а.

Цуна т1е, цакхоош б1архиш шай легадеш
Елхийша г1арг1улеш и ц1ехьа верзавеш.
Г1ийлачу узамца цуьн даге кховда,
Малийта цуьнга сан безаман шовда.

Цо шуьга хоттур ду:«И г1овг1а стенна йо?!»
Алийша Малика самукьне йоьлуш го!
Сан бала сингаттам хьулбе аш говза,
Йиш яц са гуч яла,майарра йовза.

Баркалла олу ас шуна сай даггара.
Кьинт1ера довлалаш аса шу хьийзорна.
Со йохйеш лелочу безамо санна,
Малхо шу хьостийла массо а ханна!
               


Рецензии