Цхьана деха

Ялхитта шо кхаьчна вай цхьана деха,
Ма кьезиг хан яц и, ма ю и ехха.
Г1овшенна диканиг Аллах1е доьхуш
Деха вай 1ожалло кьасторна кьоьруш.

Язбинчу кхолламна даимна хастам бо.
Вай бертахь хиларо сан дагна г1оле йо.
Хьо ву сан дозалла дуьнена меха,
Ахь суна терго еш со парг1ат еха.

Хьо ву сан сийлаллин тешаме лам,
Ца хилчи йиш йоцу сан аьтто т1ам.
Хьо волуш х1ар дуьне самукьне хета,
Хьо воцург адам дац сан хьолех кхета.

Ц1ена ву дагца,яц хьоьца мекха,
Яздан хьох со йоьлча тоьар дац шекьа.
Мел хала хиларах дахаран некьаш
Ирсанан хьоза ду сан лерехь декаш!
                14/11/2017.


Рецензии