Ирсе бералла
Б1аьргаш къиега самукъне.
Дайн-нанойн сапарг1атдаьлла,
Дахар дирзи машаре.
Машен, вилспет, лоппаргаш,
Туьйра, тайниг, киншка,
Тайп-тайпана ловзаргаш –
Даккхийдедан эшна.
Маьлхан, тийна стигал, лаьмнаш,
Ирсе, маьрша Нохчийн мохк.
Оьшу вайна 1илма 1амош
Хаза, аьхна нохчийн мотт.
Вайн дайн-нанойн оьшу марзо
Церан дегнаш деладеш.
Дала шен къинхетам бойла
Берийн кхане ирсе еш.
Азман Джабраилова
Спасибо автору картинки
Свидетельство о публикации №117110506536