Шийла кхаъ...
Цец ер ю нана, йо1 ели аьлча
Дуьне хьийзар ду: "Сан Йо1", - бохуш
Чим хилла дохор ду, дог а г1елделча.
Тешар яц нана, ша йина кхиийна
Сел ч1ог1а хьоме йо1 ели аьлча
Буьйсана доьхьала тиссина хийла
Г1енаш а семаха бакъхила доьлча.
И стиглара маликаш, хьоьца доьлхур ду
И 1аьржа латтанаш хьан дагца эт1ар ду
Кху доккхачу дуьненахь, хьан цхьаъ бен доцу
Даг т1ера и зезаг доьжна карор ду.
Сан нана, цу дийнахь, хьо собаре хилалахь
Сан доьхьа стогаллех, йоха ма йохалахь
Со Деле йоьхуш, ахь до1анаш делахь
Дерриге Аллах1а кхоьллина дуй хаалахь.
Сан ялар аша цхьанна, т1е а ма тетталаш
Тоьхна хан д1аяьлчи, д1акхелха адамаш
Цулла г1оле ду шуна, даьккхина саг1анаш
Аллах1а геч дойла, аша аьлла дешнаш.
Свидетельство о публикации №117102806254