1а деъна кхечи
Гоьллец ло дилли,
Хит1е ша лаьцна.
1а деъна кхечи.
Шелонах кхоьруш
Д1алечкъи хьоза.
Шен тунгари* чохь
Ча 1уьллу тийна.
Берийн самукъне
Схьахиеза аьзнаш.
Къийссалуш хоьхку
Салазаш, канкеш.
Ц1ийдина мерош,
Къийзадо п1елгаш,
Х1етте а шелонга
Ца къарло бераш.
Азман Джабраилова
________
*Тунгари- ченан бен
Свидетельство о публикации №117101608810