Тамашена дахар
Х1ора кхолламан ду шен-шен сурт.
Цхьаболчера дог 1аржаллех дуьзна,
Цхьаццамо шен дахарх ша бо г1урт.
Нийса некъ ца лоьхуш цхьаццаволчо,
Нисло харцонехьа боккхуш ког.
Нахах дага ваьлла, тилла волчо
Ийманехьа дерзо деза дог.
Йиш хуьлда-кха даха, айбеш корта.
Хьарамаллех лардойла-кха вай.
Ша дихкинчух 1алашдойла Дала,
Юьхьк1айн г1ойла Далла дуьхьал вай!
Азман Джабраилова
Свидетельство о публикации №117101607713
С теплом и любовью. Капитан.
Владимир Сологубов 14.01.2018 12:09 Заявить о нарушении