Пхьид
Пхьор шена лоьхуш,
Пхьид лела д1алечкъаш,
Шен "вакъ" схьахезош.
Чуьркаш а, мозий а
Х1аваэхь лоьцу,
1аьмнаш чуьра сесий
Цуьнан кхача беца.
Пхьид лаца дагахь со
Шена т1е хьаьдчи,
Кхос-кхосслуш и сихха
Нитташлахь лечкъи.
Г1аж лестош нитташна
Т1еволавелча,
"Ч1арх"-аьлла, сихонца
Уьшал чу иккхи.
Азман Джабраилова
Свидетельство о публикации №117101409805