Футболисташ
Лаам хилла, беш шайн барт.
Спортан дакъа- футбол хаьржи!
Стадионехь ву ши к1ант.
Къовсамашкахь йохье ваьлла,
Лаккхара кхиамаш бан,
"Чемпионаш!"- ц1е яккхийта
Лаам болуш ву ши к1ант.
1алашо ю дакъа лаца
Уггар чолхе къовсамехь,
Сийлаллин т1ег1ан т1е вала
Нохчийн "Ахмат" командехь.
Бу к1ентийн синк1оргехь лаам
Ца кхоош шайн синош, хан
Олимпийн ловзаршкахь толам
Баьккхина, г1арадаккха къам
Азман Джабраилова
Свидетельство о публикации №117101311792