Вай тесна битина некъ

Хьуна-м кхин ца ийши
Ас дагахь йоьттина г1ала.
Цигахь со цхьаъ йиси
Хьох йина ойланаш кхала.

Ло хьийза лар йойуш
Вай тесна битинчу новкъахь.
Хилла со ца хууш
Ирсан некъ сел боца хилар

Моьттара хьо хир ву
Ирсе еш даимма уллехь.
Дагна хьо эшнера
Суо йисча иэшаман хьолехь.

     Азман Джабраилова


Рецензии