3. Хастам бо

Хастам бо хиларна стигланаш маьрша,
Ламанийн х1ора дукъ сенделла го.
Яхь йолчу к1енташа т1еман к1ур хаьшна,
Эккхийна махкара мостаг1чун б1о.

Б1аьстеенан зезагаш маьршачу арахь
Техкийла вайн халкъан дахар хаздеш.
Токхечу хаьтташкахь ялташ кхуьийла.
Адамаш дехийла 1амалаш еш!

Х1иттош ду маьждигаш, хазлуш ю ярташ
Адамийн яххьаш т1ехь синмаршо го.
Вай бераш кхиарна самукъне, маьрша,
Хастам беш вайн Далла, до1анаш до!

Азман Джабраилова


Рецензии
Хоть не понятен мне язык.

Но чувствую, о главном стих.\\\

Дорошенко За   11.10.2017 18:20     Заявить о нарушении
"Хвала Всевышнему"
А это самое главное!
Спасибо!

Аза Атагинская   21.10.2017 14:04   Заявить о нарушении