Жима суртдиллархо
Кара беъча къолам шен,
Цхьа говзанча хуьлу цунах,
Ца хеза ц1е йоккхуш шен.
Нанас дов дарх шек ца волу,
Реза ву шен балхана.
Къолам бу говзанчех кхоьруш-
Массо пен цо "кечбина".
Ший а бесни шен къарзйина,
Массо п1елг а бехбина.
Хилла ваьлла суртдиллархо...
Нанна болх цо баьккхина.
Азман Джабраилова.
Свидетельство о публикации №117100508281