Сирла буьйса на чеченском
Ша-тайпа хуьлу
Гуьйренан буьйса
Х1еттеа ч1ог1а.
Кху хазачу буьйсанна
Х1аваъ а тийна ду
Ша тийна делахь а
Вайн дуй а хууш.
Сирлачу буьйсанна
Ца го суна седарчий
И серло стиглана
Буьзначу батто ло.
Дети нур 1аний цо
Гонахьарчу мархаш т1е
Цу мархаша къайлабоккху
Сих-сиха сирла бутт.
Буьйсанна х1окхучу
Гуьйренан мохо
Коьртера вон ойла
Цо ойъий д1ахьо.
Диттана патарш ду
Аганахь бер санна
Цхьа мела, г1ийла
Мохо а техкош.
Гонаха б1аьрг бетташ
Шадолчух тидам беш
Ойланаш ян х1уттий
Сахуленга йолу...
Свидетельство о публикации №117100406238