Накхар мозий
Тхих зезагаш дакъадо.
Накхар мозий т1ома дуьйлуш,
Сарралц дургал лехьайо.
Можа, 1аьржа моха йолу,
"Зуз-з-з" деш йина оьг1азло.
Куьйгаш лестош, эккхо г1ортахь,
Ю тоха т1едеттало.
Хаза хьожа йог1у зезаг,
Лоьхуш каде хьийзаш ду.
Шайн ма-хуьллу моз гулдина,
Жуьрган бенаш дуьзна ду.
Азман Джабраилова
Свидетельство о публикации №117092711161