Нана
Са хилча даккхалуш д1адала вай,
Дуьне хьо мел деха яхийта нана,
Дагт1ера айаба г1айг1ани бала.
И къоьжа лаьмнаш теш хилла нана,
1адийна хьоь кхойкхуш со хезча шайна.
Го суна бегабеш сирбелла корта
Сихделла со хьаста дог1у и шовда.
Шовдано биларх са базбелла кийра
Баланаш жимлур бац х1ай нана-лаьмнаш,
Латтано мел ч1ог1а керчаярх со
Дагт1ера айлур яц сан нена марзо.
Дависа, йиш елар сайн са д1адала
Дуьненахь яхийта массо а нана,
Берриге доьзал а хилийта ирсе,
Нана хьа марзонах 1абийта уьш.
Свидетельство о публикации №117072808498