Стогалла яц хьуна
Пит1ане хилар хьо доьналла дац хьуна,
Юьхь хийцош дийцар осалла ю хьуна,
Хьан деган бехалла жоьжаг1ате ю хьуна.
Ахь безам хадийнехь хьо Дела мостаг1 ву,
Дог 1овжош дош алар хьа къинойн мохь ма бу,
Ахь йина 1амал а тхов к1еллахь сецар ю,
Кхи Дела къинхетам буссар бац хьуна.
Дай г1иллакх ца лар дар и сийсаз вар ду хьуна,
Хьайх даьлла г1алатна бехке ца хетар,
Хьой стаг вацар ахь дина тоьшалла ду хьуна,
Дош алар к1оршаме хьа вахар мах бу хьуна.
Б1аьрг хьаббеш цкъа маццах ахь йог1ур ю зама,
Тоьшалли го айба оьшур ю уьйраш,
Къинт1ера довлар дезар ду деха,
Т1аккха-м хьо лаьтто а оьцур вац кийра. (М.Б. Торсен)
Свидетельство о публикации №117071708479