Яхна хан
Яц хьалхе санна со къегина хаза.
Дог хьостуш декна аз г1елделла дог1у,
Б1аьргийн нур са х1инца кхоьлина дог1у.
Хьуна-м со евзар яц, бехкх ас ца буьллу,
Шераша идийна г1елдина вай,
Лайначу халоно хьекъална артдина
Хиллачух кхетале хийцаеш зама.
Х1инца хьо парг1ат ву чекхдевлла некъаш,
Кхи новкъа вала ца кхочуш ницкъ,
Со а сайн къаналлин марахь ю техкаш,
Яхначу хене сайн г1ийла б1аьрг бетташ.
Со-м дохко ца яьлла шераш т1е хьерчарна,
Хено са ийзина юьхь хебаршка яхарх,
Замано са зийна дог болата хилла,
Доьналлех ца долуш са цкъа а сирг1ат.
Атта дац йиш-веши когаш к1ел тижа,
Дикане сатуьйсуш несалахь ваха,
Не1 къовлуш чу кхайкха шен доьзал боцуш,
Дог лаза хьоьх даьлла дацахь цхьа са.
Бехке дац вайн дахар доьхна даржарна
Шен хенахь бехк баьлларг къера ца хиларна,
Бакъонаш хьоьшуш харцона некъ
лаьцна,
Шерийн мур д1а оьхуш дахарна. (М.Б. Торсен)
Свидетельство о публикации №117071308805