Боьхна безам
Кхи безамо хьийза дац кийрара дог.
Х1етахь вай безам бийцинчу лаьттахь,
Тахана лаьтташ го безаман йокъа.
1алам ду ша тайпа парг1ат садоь1уш,
Кхолламо ца лоьху кхи шена 1индаг1.
Ду боху шел сиха кхолламан йоза,
Ша а ду цуьна некъа т1ехь, бохуш и тийжа.
Аса а сай дог хьоьх даьккхина мокъа,
Дахарна кхи аса еттар яц баргол,
Тешна ю кхоьллинчо яздинчух сайна,
Ницкъ бацар и хийцо даима ду дагчохь.
Вай лелла урамаш кхечарна дехар ду,
Зама яц хи санна хоьттичохь лаьтташ,
Вайн дахар а цкъа маццах чекхенга кхочур ду,
Яйначу бакъоно вай къиза лоцур ду.
Яц хьуна сайн дагчохь сецаеш гамо,
Б1аьрхиша ц1андина кийрара дог,
Херонаш юззалц т1е туьйсуш туьха,
Кхи оццал маларх бала ца дагита.(М.Б. Торсен)
Свидетельство о публикации №117071307788