Ненан мотт Родной язык

Ненан мотт-со-м реза ю хьуна
Мохк беза 1амош кхиорна сой,
Дахаран некъах тиларна кхоьруш,
Ахь сайна хьехарна г1иллакхийн хазна.

Ненан мотт-со-м реза ю хьуна
Дахаро чехош со ялош яйча,
Сан дог хьостуш илли аьлла
Даймахках со ца яккхарна.

Ненан мотт-со-м реза ю хьуна,
Со ирсе еш кхиаярна,
Безам,маршо суна елла
Хьайн бер санна со хьестарна.

Ненан мотт- со-м реза ю хьуна
Майра к1ентий ахь кхиорна,
Г1о эшначохь ваша хилла
Сий айда и кийча хилча.

Ненан мотт-со-м реза ю хьуна
Тхан дегнаш безамах дузарна ахьа
Тхо хьан доьзал, хьо тхан нана
Хилла тхуна хьо бахарна. (М.Б. Торсен)


Рецензии