Д1о стиглахь
Лар яйна лаьтта соь хьоьжуш,
Хетарехь цо соьга боха
Хьа дахар герга ду хада.
Сан ойла паналле яьлла,
Ца кхета дахарах чам,
Дагчуьра боьжна са безам,
Дицделла везачуьн васт.
Б1алг1анаш б1аьргашна дуьхьал
Дахаран сурт хоттош яха
Сан дахар цхьа минот хилла
Даха д1а сецадеш дог.
Мел хаза хилла хьо дахар,
Мел хьоме хилла хьо безам,
Б1аьргийн нур хадале сайн
Ас дагчохь къуьйлу хьа амат.
Свидетельство о публикации №117070203022