Гиний шуна
Бухкуш стоьмаш тускар чохь?
Уьш ца кхуьу вайн ц1а чохь
Стоьмаш кхуьу дитташ т1ехь.
Кхуьу Бабин хасбешахь
Тайп-тайпанчу хаьснаш т1ехь:
Ж1онкаш, хохаш, ц1ен бурак,
Чам-буц, картол, саьрмасекх.
Сийна наьрсаш пайде ю,
Помидораш чоме ю,
Хасстоьмашна асар деш
Лело еза вай хасбеш.
Азман Джабраилова
Свидетельство о публикации №117052108281