Сан ирсан ч1ег1ардиг
Гулйина ойланийн оьла,
Юх- юха уьш т1екк1ел
Кегаеш йоккху ас зама.
Къийссало ойланаш
Бакъ-харцо дуккхаза луьсту,
Дагна цкъа эшам беш
Чахчадо, юха и хьоьсту.
Сан синан ч1ег1ардиг,
Ма гена даьлла хьо хилла.
Хьо маца кхочур-те
Йохъян сан шелйелла б1аьсте.
Ахь маца хазор-те
Сатедеш б1аьстенан эшар,
Сацадеш маьргонна
Сан синна 1еткъина ч1е1ар.
Азман Джабраилова
Свидетельство о публикации №117050910961