Даха вай
Х1оранна д1акхочу йаздина хьал.
Массо ца велаво дахаро 1ехош,
Адамо ша гулйо Делера ял.
Зама вай бехке йо- "сиха йу"- бохуш,
Цхьаццаверг реза вац дахарна шен.
Дала схьайелла хан эрна ца йойъуш,
Г1орта вай Ийманца бан цуьнан хам.
Дуьне вайх дуьсур ду кхечарах санна,
Эхартахь каронйерг 1амалаш йу.
Дахарехь х1умма а хуьлуш дац атта.
Хастам бар Далла- и вайн декхар ду.
Боларехь хийцамаш, хиламаш дебош
Зама д1а уьдуш йу, уьш доцуш бен,
Даха вай вовшашка хьаг1, мекхо йоцуш,
Нохчаллин, Доьналлин ца йойъуш ц1е.
Азман Джабраилова.
2017г
Свидетельство о публикации №117050812213
Ларамца.
Луна Серлоева 11.09.2017 12:23 Заявить о нарушении