36. Писун дахар
К1еда когаш, болар дайн.
Сан когех и хьекхало,
К1еда- мерза "хур-т1ур" до.
Дуьжу суна уллехь д1а.
Куьг хьокхуьйту дарба дан.
Ц1ийнах дехкий летар дац,
Пусу мел ду, шеко яц!
***
Уьйриг санна, хьерчаш 1уьллу,
Наб йо писус пеша уллехь.
Ас хьаьстича "мур-мур"- олий,
Хар деш, дуьйцу суна туьйра.
Г1енах гой-те ша з1енаршца
Уьдуш, ловзар зезагашлахь,
Таь1на-тиебар бацалахь
Лаца г1ерташ олхазар.
***
Со меттах волу-
И т1аьхьа долу.
Ас буьрка кхуссу-
И т1аьхьа уьду.
Шен ира м1араш
Сан куьгех туьйссу.
Х1етте а дукха
Деза сайн Пису.
А.Джабраилова
Свидетельство о публикации №117040312675