Бехке йо
Тоьшаллаш деш нана, бехке йо х1унда?
Безачу доьзалах яларна хера,
Лелий им дакъаза яьлла, деш къурдаш?!
Яхь- мо1аш иръелла, дагах чекх юьйлуш,
Яьлла и собарах, эшадеш г1ора?
Къайлаха шеен доьзал вайн Деле боьхуш,
И лела хьоьгуш дан доьзална дола?!
Ма ч1ог1а еза-кха, берашна нана,
Дустийша цу ненан деган хьал аш а,
Адамаш, мА къастадейша бер-наний,
Къастош д1а цу шиннах марзонан дакъа!!!
Свидетельство о публикации №117033109923