Безамо
Ца хоьржу заманан МУР.
Бахаме, хьоле ца хьоьжуш,
Цо дагчохь къагадо нур.
Жималлийн шерашка вуьгий,
Къаналлех кхардадо дог.
Къоналлийн доьналлех воккхий,
Акха д1а идабо ког.
Т1аккха цкъа мацца а тухий,
Динара воссаво цо…
Ша шега хаьттарш деш, духий,
Дерриг чохь къовлало дог.
Свидетельство о публикации №117033110192
!аламат хаза байт ю х1ара!
Безамо къонаниг, къенаниг 1ехаво!
Дала аьтту бойла хьан!
Ларамца.
Аза Атагинская 31.03.2017 22:38 Заявить о нарушении