Б1аьсте
Н1аьвла ека мархашлахь.
Б1аьстенах самукъадаьлла
Шайн дезаршка бевлла нах.
Дуьне дохдеш, серлабаьлла,
Доггах къега дашо малх.
Маьлхан йовхо аьхна хетта,
Сенлуш лаьтта уьйт1ахь къахк*
Сама йохуш 1ора хьаннаш,
Ц1ехьа дирзи олхазарш.
Г1урах парг1ат довлар хестош,
Зевне девлла шовданаш.
Азман Джабраилова
______
*къахк - клён
Свидетельство о публикации №117030506630